ВКР|Языкознание и филология

Нохчийн меттан мукъазчу аьзнийн система а, мукъазчу аьзнийн фонетически процессаш а

По всем вопросам пишите нам на topwork2424@gmail.com или в Телеграм  Telegram

Авторство: antiplagiatpro

Год: 2019 | Страниц: 47

Цена: 2 500
Купить работу

Д1адолор

  1. корта Нохчийн   меттан   мукъазчу   аьзнийн   системин х1оттам
    • Нохчийн литературни   меттан  аьзнийн. система кхоллаяларан а, талларан а истори
    • Х1инцалерчу нохчийн литературни меттан мукъаза аьзнаш 
  2. корта Нохчийн меттан мукъазчу аьзнийн фонетически хиламаш
    • Мукъазчу аьзнийн ассимиляцин а, диссимиляцин   а процессаш     
    • Мукъазчу аьзнийн редукци а, наращени а
    • Нохчийн меттан метатеза а, субституци а

Дерзор

Пайдаэцна литература

 

Мотт 1аморехь, меттан теоретически а, практически а аг1онаш 1аморехь хаъал шена дог1у дакъа д1алоцуш ю фонетика. «Фонетика –аьзнаш а, церан хуьлуш болу хийцамаш а толлуш долу метта1илманан а, грамматикин а дакъа. Фонекикехь 1амадо аз муха кхоллало, уьш кхуллуш йолу къамелан меженаш муьлхарнаш ю, шайн кхолладаларан, аларан билгалонашца, аьзнаш муха доькъу, церан вовшашца уьйраш муха кхоллало, уьш бахьанехь хуьлуш берш муьлха хийцамаш бу, дешан х1оттамехь аьзнаш муьлхачу меттехь нисдала тарло (дистибуци), и. д1. кх. а» [7, с. 7].

Исторически а, описательни а грамматика а, лексикологи а уьйр йолуш ю исторически а, описательни а фонетикица. «… фонетика играет значительную роль в теоретическом и практическом изучении языка. Ведь наша речь является речью звуковой» [25, с. 302].

Предложенеш а, дешнаш а, морфемаш а исторически а, дустаран-исторически а, описательно а толлуш даима а аьзнашца г1уллакх тасало.

Дустаран-исторически а, исторически а языкознани ша а кхоллаелла фонетикин г1оьнца. Теоретически фонетикин г1оьнца бен хаа йиш яц тайп-тайпана долчу меттанийн аьзнийн юкъара амалш, x1opа меттан аьзнийн системин башхаллаш – белхан тема актуальни хилар ду.

Талламан объект – нохчийн меттан мукъаза аьзнаш. Боккха кхиам лара мегар ду теоретически буха т1ехь адамийн къамелан аьзнийн классификаци х1оттийна хилар. Ткъа предмет – мукъазчу аьзнийн система а, фонетически хиламаш а.

Белхан 1алашо – мукъазчу аьзнийн системин башхалла а, мукъазчу аьзнийн фонетически хиламаш а йийцаре йиллар.

Цу 1алашонан духе кхиа оха тхайна хьалха х1оттийна кхочушде декхарш: мукъазчу аьзнийн чолхе система йовзийтар, мукъазчу аьзнийн яьржина а, чолхе а йолу фонетически хиламаш кхочушхиларан некъаш билгалдахар а.

Практически аг1онгахьара х1окху балхах пайда эца таро ю студента-ша нохчийн меттан занятешкахь а, курсовойн а, кхиболу 1илманан белхаш язбеш а.

Муьлхачу меттан фонетико 1аламат доккха г1о дина йоза доцучу хенахь адамашна алфавиташ а, буквараш а х1иттош. Коьрта дакъа д1алаьцна фонетико орфографи билгалйоккхуш а.

Ненан мотт 1амош а, кхидолу меттанаш 1амош а фонетико доккха г1o лоцу. Адамийн дахарехь а, юкъараллин дахар кхиарехь а доккха маь1на долуш бу, муьлхха мотт санна, нохчийн мотт а. Мотт адамийн уьйран уггаре а мехала, «дуккха а аг1онаш юкъалоцуш болу адамийн уьйран г1ирс бу» [16, с. 19]. Адамийн дахар х1ора минотехь аьлча санна кхуьуш ду, цуьнца цхьаьна кхуьуш, хийцалуш адамийн мотт а бу, дешнийн хазна а ю.

Ширачу заманахь дуьйна кавказоведаш-1илманчаша билгала даьккхина ма-хиллара, дерриге а дуьненчохь кхо эзар гергга тайпа къоман мотт бу. Вайн заманахь а шовзткъе итт сов мотт бу Кавказехь буьйцуш. И меттанаш а, дукхахдерш, дуккха а йолчу диалекташка а, говорашка а декъало. Ткъа цхьайолу диалекташ а, говораш а, дуьйцурш вовшашна халла бен ца къаьсташ я къастане а ца къаьсташ, гена евлла а ю. И метта­наш, вовшашна гергара а, вовшех тера а хиларе хьаьжжина, шайн тобанашка декъало. Дуьненан дерриге а меттанийн тобанашна юккъехь, ша-тайпа тоба хилла, лаьтта иберийско-кавказски меттанаш.

Нахски меттанийн группа юкъабог1уш бу нохчийн мотт, (г1алг1айн, бацойн мотт санна).

Россехь дехачу къаьмнийн меттех уггаре а к1еззиг 1илманца теллина хилла Кавказан ламанхойн меттанаш ала тарлур ду. Кавказан меттанаш талларехь дуьххьара болх бан буьйлабелла оьрсийн 1илманчаш. Кхо мур билгалбаьккхина бу X1X б1ешарахь иберийско-кавказски меттанаш талларехь. Хьалхарчу муьрехь 1илманчаша коьрта долчу декъана лексически материал гулъярна т1ехь болх бо. 1илманчаш цу муьрехь

коьрта лора Клапротан, Палласан, Гюльденштедтан белхаш. Амма цара бинчу балхо, материал к1езиг хиларна а, ледара хиларна а, Кавказан меттанийн дуьззина сурт ца х1оттийра. Дустаран-исторически языкознани кхоллаяларца боьзна бу кавказски меттанаш 1аморан шолг1а мур. 1илманчаша цу заманахь къийсаме ойланаш билгалйоху. Къийсаме ду меттанаш схьадовлар бух, церан гергарлонаш. Ткъа меттанийн грамматикехь 1аламат дукха бу къийсамаш, уьш цхьаберш тахана а болуш бу. Масала, 1834-чу шарахь 1илманчас Броссес гуьржийн мотт ша схьабаларан орамашца индоевропейски меттанийн индоирански тобанца лору. Цул жимма т1аьхьо, 1847-чу шарахь, Боппас картвельски меттанаш индоевропейски меттанийн ша-тайпа лору. Ткъа кхоалг1а мур, кавказоведаш къастийна – г1араваьлла волчу оьрсийн 1илманчин ц1арца, П.К. Усларца боьзна бу аьлла.

Кавказски меттанаш 1илманца талларна боккха тидам т1ебохуьйту XX б1ешарахь. Цу б1ешарахь беш болу талламаш практически декхарш кхочушдарца къаьсташ бу: к1езиг долчу къаьмнашна йоза кхуллу, орфографи а, алфавит а х1оттайо, учебникаш арайовлу. Дуьххьара д1адоладо адыгейски, кабардино-черкесски, аварски, лакски, лезгински, абхазски, абазински, даргински, табасарански, г1алг1айн, нохчийн метта­наш хьехар.

Кавказски меттанаш к1орггера талларо таро хуьлуьйту кавказски меттанаш мел ду хаа, церан вовшашца йолу уьйраш билгалъяха, церан схьадовларан, кхиаран некъаш билгалдаха. Кавказски меттанех шайн йоза долуш ткъе исс мотт бу аьлла билгалдаьккхина меттан 1илманчаша.

Уггаре а шира материалаш карайо вайнехан меттанех лаьцна эзар ворх1 б1е дезткъе хьалхарчу шарахь Гюльденштедта арахецначу балха т1ехь («Путешествие по России и горам Кавказа»). Нахски меттанийн к1еззиг лексически материал ю балха т1ехь.

Г.Ю. Клапрота коьрта тидам т1ебохуьйту ламанхойн меттанашна «Пу-тешествие на Кавказ» ц1е йолчу шен балха т1ехь. Цу т1ехь 1илманчас

нохчийн а, г1алг1айн а, бацойн а, иштта кхин д1а а меттанаш билгалдохуш, теллуш ду. А.А. Шифнера а шен «Опыт тушинского языка или кистинского наречия в Тушетии» ц1е йолчу балха т1ехь ялайо бацойн маттах йолу материалаш. К1еззиг материалаш ялайо Р. Эркерта а «Языки кавказского корня» ц1е йолчу балха т1ехь нахски меттанех лаьцна.

Ткъа П.К. Услара нохчийн мотт 1аморехь йитина 1аламат йоккха лар. Петр Карлович Услара ялх монографи язйина кавказски меттанех лаьцна: нохчийн, абхазски, аварски, лакски, даргински, лезгински. Эзар барх1 б1е дезткъе барх1алг1ачу шарахь Тифлисехь араяьлла йолу П.К. Услара монографи нохчийн маттах лаьцна ю.

В.Д. Тимаевс, кхечу 1илманчаш санна, к1орггера мах хадабо П.К. Усларан 1илманан белхийн: «Нохчийн меттан фонетически система, къаьсттина мукъачу аьзнийн хийцамаш билгалбахарехь цхьацца г1алаташ хиллехь а, Услара бина болх нохчийн мотт 1аморан исторехь хаъал дакъа д1алоцуш бу. Тахана а ца яйна цуьнан белхан 1илманан мехалла» [18, с. 63].

Иза иштта хилар гойту вайзаманан 1илманчаша а шайн талламаш цуьнан белхаш хьесапе а оьцуш, царна т1етаь1аш беш хиларо.

1илманца к1орггера вайнехан меттанаш таллар XX б1ешеран 20-чу шерашкахь а д1ахьош, мехала белхаш арахоьцу: А.Г. Мациевс, Д.С. Имнайшвилис, Н.Ф. Яковлевс, Ю.Д. Дешериевс, К.З. Чокаевс, И.Ю. Алироевс З.К. Мальсаговс, Д.Д. Мальсаговас, А.С. Чикобавас, И.А. Оздоевас, Т.Б. Гониашвилис, P.P. Гагуас; т1аьхьо – Я.С. Вагаповс, Н.С. Бибулатовс, Я.У. Эсхаджиевс, Т.М. Вагаповас и.кх. д1а.

1959-чу шарахь араболу И.Г. Арсахановн «Аккинский диалект в системе чечено-ингушского языка» ц1е йолу болх а хаъал меттиг д1алоцуш бу нохчийн маттахь. Нохчийн литературни маттаца дустаран планехь билгалйоху И.Г. Арсахановс аьккхийн диалектан фонетически а, морфологически а, лексически а башхаллаш. Иштта мехала бу ала тарло 1969 шарахь арабаьлла болу «Чеченская диалектология» ц1е йолу болх а.

Ю.Д. Дешериевн 1964-чу шарахь арабаьлла «Сравнительно-историческая грамматика нахских языков и проблемы происхождения и исторического развития горских кавказских народов» ц1е йолу болх. Нахски меттанаш 1аморехь а, талларехь а йоккха лар йитина цу балхо. Нахски меттанийн дустаран-исторически граматикина т1е тидам бохуьйту цу т1ехь 1илманчас: нахски меттанийн фонетически а, морфологически а, синтаксически а башхаллаш гойту. 1аламат мехала болх бу, кхаа декъах лаьтташ бу: «Кавказски ламанан къаьмнийн а, церан меттанийн схьадовларан а, исторически кхиаран а проблемаш»; «Нахски меттанийн исторически кхиаран некъаш а, уьш 1аморехь дустаран-исторически методах пайдаэцар а»; «Нахски меттанийн дустаран-исторически грамматика».

А.С. Чикобавас билгалдоккху, нахски меттанийн мукъазчу аьзнийн система уггаре а шуьйра а, к1орггера а гайтина нохчийн меттан система –П.К. Услара, бацойн меттан мукъазчу аьзнийн система – А. Шифнера. Цо лакхара мах хадабо церан 1илмана белхийн: А. Шифнеран балхах лаьцна

«…она является первой научной описательной грамматикой для иберийско-кавказских языков вообще. Грамматика, выполненная на таком научном уровне, в то время не имелась и для грузинского языка» [27, с. 176]. Нохчийн мотт а, нохчийн меттан дакъош а: лексикологи, фонетика, морфологи, синтаксис – 1илманца к1орггера теллина.

А.Г. Магомедовс а шен «Очерки фонетики чеченского языка» балха т1ехь боху «первое подробное описание системы согласных нахских языков дано в трудах А. Шифнера и П. Услара. Ими же предпринята и первая попытка уточнения фонемного состава чеченского языка, описания фонетических процессов и дистрибуция согласных» [14, с. 90]. Т1аккха хьахаво Ю.Д. Дешериев а, Д.С. Имнайшвили а, К.Т. Чрелашвили а иштта кхи д1а. И бохург дац А.Г. Магомедовс кхечу 1илманчийн белхийн мах лахара хадийна бохург, амма дуьххьара «некъ биллина» болчу 1илманчийн ц1ераш хьалха хьахийна.

XX б1ешо чакхдолуш XX1 б1ешеран таханлерчу деношкахь кхин д1а толлуш а, цу т1ехь болх бу д1ахьош Нохчийчохь а, дозанал арахь а бевзаш, г1арабевлла болчу 1илманчаша: М.Р. Овхадов, М.И. Халидов, В.Д. Тимаев, Х.Б. Новразова, Р.А. Саламова, А.Д. Вагапов, С.Э. Эдилов иштта дуккха а кхи д1а берш.

1илманца мотт толлуш, цхьаъ дечунна, болх бечунна шадерриг а нислуш ца хуьлу, цхьацца г1алаташ, кхачамбацарш а хила тарло, талла ца ларош йисина проблемаш хила а тарло, 1илманан таллам т1ехь шадерриг а д1анислойла аьлла а дац. Раиса Абдулхалимовна Саламовас фонетикина лерина «Нохчийн меттан фонека» ц1е йолчу балха т1ехь боху: «Т1екхуьуш болчу 1илманчаша, к1орггера талла а толлуш, нохчийн меттан фонетикин кхачамбацарш д1адохург хиларх тешна ю …» [16, с. 4]. Х1ора дийнах керла-керла хаамаш бу исторически а, географически а, мотт талларехь а гучубовлуш.

Тхуна хаьа, ерриге а оха тхайна хьалха х1оттийна йолу проблемаш тхайна ма-хеттара, ма-лаъара юьззина а, к1орггера а тхайга ясталур йоцийла, чекхяхалур йоцийла, и тайпа 1алашо хьала а, охьа а хила еза аьлла ца хетало.

Оха х1ара болх язбеш тхайна хьалха х1оттийна декхарш а, 1алашонаш а х1окху кепара билгалйоху: мукъазчу аьзнийн системин х1оттам билгалбаккхар, (х1унда аьлча цунах лаьцна ца дийцича, мукъазчу аьзнийн хийцадаларх лаьцна долу хаттаршна т1ехь кхоччуш болх бан тарлур ца хиларх тхо тешна ду); коьрта долчу декъана – цуьнан (аьзнийн системин) башхалла гайтар, цуьнан кхиар, мукъазчу аьзнийн фонетически процессаш билгалъяхар, церан кхиар, кхочушхиларан некъаш, хьал гайтар, х1ун бахьана долуш хуьлу маттахь и тайпа хийцамаш и. кх. д1а а.

 

I.   Корта Нохчийн меттан мукъазчу аьзнийн системин х1оттам

  • Нохчийн литературни меттан аьзнийн система кхоллаяларан а, талларан а истори.

Фонетика уггаре коьрта а, чолхе а меттан дакъа ду. Нохчийн мотт, муьлха а мотт санна, аьзнийн мотт бу, вайн х1ора дийнахь дечу къамело гойту вайна иза иштта хилар. Цундела, мотт 1аморехь, кхиарехь, меттан теоретически а, практически а аг1онаш 1аморехь доккха дакъа лоцу фонетико. Иза кхечу кепара хила йиш а яц, х1унда аьлча адамийн къамел, мотт аьзнех лаьтташ хиларна. Муьлхха мотт толлуш (предложенеш, дешнаш, морфемаш) аьзнашца г1уллакх тасало. Метта1илманан дакъа

«Фонетика» кхечу метта1илманан дакъошца уьйр йолуш ду.

Исторически а, дустаран-исторически а языкознани ша а кхоллаелла фонетикин г1оьнца. Теоретически фонетикин г1оьнца бен хаа йиш яц тайп-тайпана долчу меттанийн аьзнийн юкъара амалш, x1opа меттан аьзнийн системин х1оттам, башхаллаш, шатайпаналла.

Ширачу заманахь йоза доцучу къаьмнашна абаташ х1оттош а доккха г1o лаьцна фонетико. К1орггера маь1на долуш ю фонетика орфографи х1отторехь а, доккха г1о до словараш х1оттош а. Кхечу къаьмнийн меттанаш 1амош а фонекиках къаьсттина г1уллакх тасало.

Меттан дерриге а аьзнаш (фонемаш): мукъанаш а, мукъазнаш а цхьа билггала группашка декъало, дифференциальни билгалонашца, цара вовшахтухуш ю шайна юкъахь уьйр йолу юкъаметтигаллин мог1анаш, муьлхха меттан фонемийн (аьзнийн) система кхуллуш долу. Масала, нохчийн маттахь мукъа аьзнаш деха-доца, балдийн-балдийн доцуш хиларца дуьхь-дуьхьала хутту, мукъазчеран системехь лелха я херойолу мукъаза фонемаш къаьста, къора я зевне хиларца, г1ийла я абруптивни, аффрикатизаци хилар я цахилар ишт.д1.кх. Юкъаметтигаллин мог1анаша х1ора маттахь фонемийн система кхуллу.

Нохчийн меттан мукъазчу аьзнийн система чолхе ю. 1илманчаша мукъазчу  аьзнийн  билгалошаш,  коьрта  а,  коьртаза  а,  тайп-тайпана

билгалйоху, цу т1ехь 1илманчийн цхьа барт бац, кхид1а долчу кхин а дуккха х1уманашна т1ехь санна. Цул сов, вайн маттахь графикин а, орфографин а кхачамбацарш а ду тахана д1алистанза. Нахски меттанийн мукъазчу аьзнийн система а вовшахкъаьсташ ю.

Цунах лаьцна дуьйцу лаьцна шайн 1илманан белхаш т1ехь дуьйцу А. Шифнера а, П.К. Услара, Ю.Д. Дешериевс, Д.С. Имнайшвилис а, И.Ю. Алироевс, Р.Р. Гагуас, Т.Б. Гониашвилис, В.Д. Тимаевс а.

Нохчийн меттан мукъазчу аьзнийн система чолхе а, яьржина ю ала тарлур ду. 1илманчаша мукъазчу аьзнийн тайп-тайпана терахь билгалдоккху, цу т1ехь 1илманчийн цхьа барт бац, кхид1а долчу кхин а дуккха х1уманашна т1ехь санна, бакъдерг вай алахь (фонетически процессех лаьцна а, мукъазчу аьзнийн системех лаьцна а ишт.д1.кх.). Цул сов, вайн маттахь графикин а, орфографин а кхачамбацарш а ду тахана д1алистанза.

Ю.Д. Дешериевс а шен «Современный чеченский лит-ый язык» ц1е йолчу балха т1ехь а баха: «Мы вынуждены были использовать в работе в качестве транскрипции страдающий

серьезными недочетами алфавит чеченского литературного языка …» [7, с. 42].

Тахана а ду вайн алфавит т1ехь цхьацца г1алаташ, кхачамбацарш эр вай, масала, вайн мукъазчу аьзнийн системехь доцу ф, щ аьзнаш т1еэцначу дешнашкахь лелор, вайн меттан башхаллашка а, бакъонашка а хьаьжжина царна метта лело тарло вайн абатехь долу аьзнаш. Иштта хьал ду -й- озаца кхоллалуш долу ю, ë, юь, яь мукъачу элпийн хьал а. А.И. Халидовс шен

«Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат» т1ехь а баха: «Шеко йоцуш хетало элпаш я, ю, ë, юь, яь, ы, щ» вайн абатера д1адаха дезаш хилар» [25, с. 12].

 

  1. Алироев И.Ю. Язык, история и культура вайнахов. Грозный, 1990.
  2. Алироев И.Ю. Чеченский язык. М.,
  3. Арсаханов И.Г. Х1инцалера нохчийн мотт. Грозный,
  4. Вагапов А.Д. Этимологический словарь чеченского языка. Тбилиси, 2011.
  5. Вагапов А.Д. Чеченский язык и финикийский алфавит (статья) Электронный ресурс кафедры.
  6. Вагапов А.Д. О реконструкции пранахских корней (статья) Электронный ресурс кафедры.
  7. Дешериев Ю.Д. Современный чеченский язык. Ч.1. Фонетика. Грозный, 1960.
  8. Дешериев Ю.Д. Сравнительно-историческая грамматика нахских языков и проблемы происхождения и исторического развития горских кавказских народов. Грозный, 1963.

Всего 33 источника

Эта работа не подходит?

Если данная работа вам не подошла, вы можете заказать помощь у наших экспертов.
Оформите заказ и узнайте стоимость помощи по вашей работе в ближайшее время! Это бесплатно!


Заказать помощь

Похожие работы

ВКР Языкознание и филология
2020 год 30 стр.
Иерархия ценностей в рамках философии, социологии и литературы
antiplagiatpro

Дипломная работа

от 2900 руб. / от 3 дней

Курсовая работа

от 690 руб. / от 2 дней

Контрольная работа

от 200 руб. / от 3 часов

Оформите заказ, и эксперты начнут откликаться уже через 10 минут!

Узнай стоимость помощи по твоей работе! Бесплатно!

Укажите дату, когда нужно получить выполненный заказ, время московское