ВКР|Языкознание и филология

Нохчийн меттан хандош а, хандешан грамматически категорийн чолхе хаттарш а

По всем вопросам пишите нам на topwork2424@gmail.com или в Телеграм  Telegram

Авторство: antiplagiatpro

Год: 2019 | Страниц: 49

Цена: 2 500
Купить работу

Д1адолор

  1. Корта Хандешан маь1на а, цуьнан грамматически категореш а   
  2. Корта Хандешан хенан категори: карара хан, яханчу а, йог1учу а хенан кепаш а
    • Карара хан, цуьнан кхоллаяларан некъаш
    • Яханчу хенан кепаш, уьш кхоллаяларан некъаш
    • Йог1учу хенан кепаш а, уьш кхоллаяларан некъаш 
    • Нийса доцучу хандешнийн хенан кепаш кхоллаялар
  • Корта Хандешан форманаш (масдар, причасти, деепричасти, латтаман а, хаттаран а форманаш) юкъара маь1на
  1. Корта Хандешан категорийн цхьадолу чолхе хаттарш

Дерзор

Пайдаэцна литература

 

Нохчийн меттан хандош къаьста шен грамматически категореш дукха а, чолхе а хиларца. Цул сов, хандашах схьаевлла дукха форманаш хиларца а билгалдолуш ду нохчийн меттан хандош, цуьнца доьзна шайн грамматически категореш а, тайп-тайпана синтаксически функцеш а йолуш. Хандош талларехь чолхечух цхьаъ иза толлуш язбина йозанан 1илманан белхаш вайн хене схьакхаьчна къеззиг хилар – цуьнца доьзна ду тхан белхан тема актуальни хилар таханлерчу дийнахь. Цул сов, хандешан грамматически категореш а, хандешан форманаш а, церан грамматически категореш а билгалъяхарехь а цхьа сацам бац.

Тхан выпускной белхан объект ларало нохчийн меттан хандош шен морфологически аг1онгахьара. Талламан предмет - хандешан тайп-тайпана грамматически категореш, грамматикин чолхе хаттарш.

Белхан 1алашо ю хандешан грамматически категореш талларехь чолхе хаттарш билгалдаха. Ткъа декхарш – грамматически категореш билгалъяхар, церан къасторан юкъара сурт гайтар, хандашах схьаевлла форманийн юкъара сурт гайтар, цу хьокъехь 1илманчашна хетарг дийцаре диллар, цхьадолу чолхе хаттарш билгалдахар.

Практически аг1онгахьара болх пайдехь хир бу студенташна а,

школан дешархошна а нохчийн меттан урокехь хандощ 1амош, курсовойн а, выпускной квалификационни а белхаш язбеш а.

Ширачу заманахь дуьйна Кавказах а, кхузахь дехаш долчу къаьмнех а лаьцна яздина дуккха белхаш ду: исторически а, географически, этнографически аг1онгахьара талламаш беш, юьстах ца бисна меттан 1илманчаш а. Дуккха а лингвисташ болх бина Кавказан меттанаш толлуш, 1илманан белхаш арахоьцуш. Кхузахь хьахийча нийса хир ду, нахски меттанийн йозанан традици йолаяларан хан XVIII б1ешарахь дуьйна бен ца хилла аьлча. Уггар к1еззиг 1илманца теллина хилла Кавказан ламанхойн меттанаш. Кавказан меттанаш талларехь дуьххьара болх бан буьйлабелла оьрсийн 1илманчаш. Цу муьрехь 1илманчийн тидам коьрта долчу декъана

лексически материалаш гулъярна т1ебахийтина хилла. Х1окху 1илманчийн ц1е яьккхича нийса хир ду цу хьокъехь 1алам мехала болх бина а, меттан 1илманехь йоккха лар йитина а болчу: И.Гюльден-штедт, П. Паллас, Г. Клапрот, Ф. Мюллер. XIX б1ешерашкахь болх бина ву Г. Шухард а.

Ткъа XIX-чу б1ешарашкахь баьхначу, 1аламат мехала болх бина волчу шина 1илманчех П.К. Усларх а, А.А. Шифнерх а лаьцна къаьсттина аьлча нийса хир ду. Нохчийн меттан 1илманан грамматика х1оттийнарг, тахана мехала йолу, г1араваьлла хилла 1илманча Петр Карлович Услар ву. Цул сов, латински меттан графикин буха т1ехь нохчийн меттан алфавит а, абат а х1оттийна. Цуьнан коьрта ала мегар долуш болх бу: «Этнография Кавказа», 1888 шарахь Тифлисехь арабаьлла из кхелхина ткъе пхи шо даьллачул т1аьхьа. Цуьнца цхьанахенахь ваьхна а, П.К. Усларан белхаш т1ехь болх беш, толлуш, шена хетачу аг1ор нисбеш, А.А. Шифнера шен

«Чеченский язык» ц1е йолу 1илманан болх язбина 1864 шарахь. И ший а болх зорбанца арахецна  П.К. Усларан ц1арца цхьана кинишки т1ехь:

«Этнография Кавказа» Тифлисехь, 1888 шарахь.

Петр Карлович Услара кавказски меттанех лаьцна ялх болх язбина.

«Нохчийн меттан фонетически система, къаьсттина мукъачу аьзнийн хийцамаш билгалбахарехь цхьацца г1алаташ хиллехь а, Услара бина болх нохчийн мотт 1аморан исторехь хаъал дакъа д1алоцуш бу. Тахана а ца яйна цуьнан белхан 1илманан мехалла» [17, с. 12].

Мотт адамийн дахарехь а, юкъараллехь а доккха маь1на долуш бу,

«дуккха а аг1онаш юкъалоцуш болу адамийн уьйран г1ирс бу» [15, с. 19]. Адамийн мотт вайн дахарца цхьаьна кхуьуш бу, цуьнца дешнийн х1оттам.

1илманчаша дуьненчохь ду аьлла билгалдохуш долу 3000 гергга тайпа къоман меттанаш, дукхахдерш, диалекташка а, говорашка а декъалуш ду.

Цу диалекташкахь къамел вовшашна халла къаьсташ я къастане а ца къаьсташ, гена евлла а хила тарло. И меттанаш, вовшашна гергара а хиларе хьаьжжина, шайн тайп-тайпана тобанашка декъало. Доллучу а дуьненан меттанийн тобанашна юккъехь, шайн меттиг д1алаьцна лаьтта иберийско-

кавказски меттанаш. Цу юкъехь ду тоба нахски меттанийн. Нохчийн мотт а нахски меттанийн тобане юкъабог1у, г1алг1айн, бацойн меттанашца цхьаьна.

  • б1ешарахь иберийско-кавказски меттанаш талларехь илманчаш билгалбоккхуш бу кхо мур: Хьалхарчу муьрехь 1илманчаша лексически материал гулъярна т1ехь болх бо; Шолг1а мур лору дустаран-исторически языкознани кхоллаяларца боьзна; Кхоалг1а МУР оьрсийн 1илманчин Петр Карлович Усларан ц1арца боьзна бу. XX б1ешарахь къаьсттина боккха тидам т1ебохуьйту кавказски меттанаш талларехь практически аг1онна, йоза кхолларна, алфавит, учебникаш х1итторна, орфографи нисъярна и.кх.д1.а. Кавказски меттанаш к1орггера талларца таро хуьлу кавказски меттанаш мел ду, церан вовшашца муха уьйраш ю. Уггаре а шира материалаш карайо вайнехан меттанех лаьцна 1791 шарахь Гюльденштедта балха т1ехь («Путешествие по России и горам Кавказа»).

Г.Ю. Клапрота «Путешествие на Кавказ» ц1е йолчу шен балха т1ехь коьрта тидам т1ебохуьйту ламанхойн меттанашна. Нохчийн а, г1алг1айн а, бацойн а, иштта д1а кхин а меттанаш билгал а дохуш, теллина цо.

1илманца к1орггера вайнехан меттанаш таллар д1адоладо 20-чу шерашкахь XX б1ешеран, мехала къахьогу: Ю.Д. Дешериевс, З.К. Мальсаговс, А.Г. Мациевс, И.А. Оздоевас, Д.С. Имнайшвилис, Н.Ф. Яковлевс, К.З. Чокаевс, И.Ю. Алироевс, иштта кхи д1а а.

Нахски меттанийн дустаран-исторически грамматикина тидам т1е а бохуьйтуш, язбина Ю.Д. Дешериевн «Сравнительно-историческая грамма­тика нахских языков и проблемы происхождения и исторического развития горских кавказских народов» ц1е йолуш 1аламат 1илманан мехалла йолуш болх бу. Цу т1ехь Юнус Дешериевич Дешериевс нахски меттанийн фонетически а, морфологически а, синтаксически а башхаллаш гойту. Иштта мехала белхаш ду цуьнан: «Бацбийский язык», «Современный чеченский язык», цуьнан белхаша йоккха лар юьту нахски меттанаш 1аморехь.

И.Г. Арсахановн «Аккинский диалект в системе чечено-ингушского языка» 1959-чу шарахь арабаьлла болу болх нохчийн маттахь хаъал меттиг д1алоцуш бу, цу т1ехь литературни маттаца дустаран планехь билгалйоху аьккхийн диалектан фонетически а, морфологически а, лексически а башхаллаш. Тахана шен мехалла яйаза бу И.Г. Арсахановн 1969 шарахь арабаьлла болу «Чеченская диалектология» ц1е йолу болх.

  • б1ешо чакхдолуш, XXI б1ешеран таханлерчу хенахь а кхин д1а а 1илманца толлуш лаьтта, шен чолхе хиларца г1арабаьлла болу нохчийн мотт.

Х1инцалерчу нохчийн литературни маттахь мотт кхиарехь, 1аморехь доккха маь1на долуш, чолхе а, кхин д1а талла дуккха а хаттарш дуьсуш ду меттан 1илманан дакъа «Морфологи». Иза массо а метта1илманан дакъойх дозаделла ду, цуьнца г1уллакх ца 1отталуш, уьйр йоцуш меттан цхьа а аг1о яц: «Лексикологи», «Фонетика», «Синтаксис». Ткъа къамелан дакъойх цхьаъ ду шен морфологически х1оттамца, грамматически категореш дукха хиларца а 1аламат чолхе – хандош.

Нохчийн меттан хандашах лаьцна дуьххьарлера материалаш П.К. Усларан, А.А. Шифнеран 1илманан белхаш т1ехь карайо. Амма к1орггера талламаш гучубовлу Н.Ф. Яковлевн, Д.С. Имнайшвилин, Ю.Д. Дешериевн, А.Г. Магомедовн белхаш т1ехь. Х1окху т1аьхьарчу 20-25 шарахь цу билгалбаьхначу 1илманан говзанчийн белхаш т1е а тевжаш, А.Д. Тимаевс а, М.Р. Овхадовс, М.И. Халидовс, Т.М. Вагаповас а, В.Ю. Гиреевс а, Р.А. Саламовас, А.Д. Вагаповс, С.Э. Эдиловс иштта кхиболчу языковедаша а вайнехан меттанаш 1илманца толлуш язбина дуккха а к1орггера мехалла йолуш белхаш: лексикехь, фонетикехь, морфологехь, синтаксисехь.

Выпускной болх лаьтта: Д1адолор, биъ Корта, Дерзор, Пайдаэцна литература.

 

  1. Алироев И.Ю. Язык, история и культура вайнахов. Грозный,
  2. Алироев И.Ю. Чеченский язык. М.,
  3. Арсаханов И.Г. Х1инцалера нохчийн мотт. Грозный,
  4. Гиреев В.Ю. История проблемы формирования чеченского литературного языка. Грозный, 2010.
  5. Гиреев В.Ю. Масдар чеченского языка. Грозный, (статья, электронные ресурсы кафедры).

Всего 28 источников

Эта работа не подходит?

Если данная работа вам не подошла, вы можете заказать помощь у наших экспертов.
Оформите заказ и узнайте стоимость помощи по вашей работе в ближайшее время! Это бесплатно!


Заказать помощь

Похожие работы

ВКР Языкознание и филология
2020 год 30 стр.
Иерархия ценностей в рамках философии, социологии и литературы
antiplagiatpro

Дипломная работа

от 2900 руб. / от 3 дней

Курсовая работа

от 690 руб. / от 2 дней

Контрольная работа

от 200 руб. / от 3 часов

Оформите заказ, и эксперты начнут откликаться уже через 10 минут!

Узнай стоимость помощи по твоей работе! Бесплатно!

Укажите дату, когда нужно получить выполненный заказ, время московское