Башхалла а, адмалла а шайца йолуш г1иллакхаш ду нохчийн къоман. Уьш дерригге а цхьаьна тоьхча – 1адат олу цунах. 1адат – нохчийн къоман дахаран низам ду. Г1иллакхах д1акъасто йиш яц оьздангалла. Г1иллакх а, оьздангалла а цхьаьна хьерчаш ду. Нохчийн г1иллакх-оьздангалла лелоро а, ларъяро а – кегийрхойн дегнашкахь кхиайо нохчалла. Нохчалла бохучу дешан чулацам бовзуьйтуш дуккха а тептарш яздан дезар ду. Доцца вай аьлча, Аллах1 резавеш ду нохчалла бохучу дашо чулоцург.
Нохчийн г1иллакх-оьздангалла – вайн къоман хазна ю. Х1унда аьлча, адамийн дахарехь коьрта лехамаш бу: эхь-ийманний, яхь-оьздангаллий, г1иллакхе-лераме хиларий. Оцу лехамех муьлххачу цхьаннах стаг д1ахаьдда велахь, цуьнан дахар дуьззина хир дац. Адамаша вовшашца лело дезачу г1иллакхийн кепаш дуккха ю, адаман ц1е бакъ а еш вахархьамма а, иштта оцу бакъ ц1арца Далла къематдийнахь дуьхьал ц1еначу дог-ойлица вахархьамма а лелош ерш. Царна юккъехь къаста дан лаьа хьаша-да т1еэцаран деза г1иллакх.
Тахана я селхана кхолладелла дац нохчийн хьаша-да т1еэцаран ламасташ. Вайн заманахь санна атта ца хилла хьалха вахар-вар.
Гена юьрта я шахьаре гІаш я сту-говраца воьдуш, мох-дарц долий, кхин некъан бохам хуьлий, нехан юьртахь саца везаш буьйсанаш йохуш меттигаш дукха нислуш хилла. Ч1ир юкъаеача, нехан юьртахь хьаша лаха везаш хилла. Иштта дахаран оьшуш хиларо кхоьллина а, дайша леррина лардеш таханлерчу дийне схьакхачийна а ду хьаша-да тІеэцаран ламасташ.
Кхузахь билгалдаккха дог1у, мел генара веанехь а, гергарчу стагах хьаша ца хуьлу, юьртара стаг а хьаша ца лору. Хьаша, дукхахьолахь, кхайкхаза нислуш ву.
Вевзаш вара, вацара ца бохуш, къен, миска ца лоьруш, хене ца хьоьжуш, т1еоьцуш ду хьаша. Хьаша керта варах яздархочо Ахмадов Мусас иштта яздо: «Араваьлла воьдуш, д1акхочу хьо воьдучу хьошалг1а. Салам ахь д1ало хьайна дуьхьал ваьллачу х1усамдега. Цо схьакховдадахь, куьг лоцу
ахь. Куьг кховдоран хьалхе х1усамдегахь а, воккхачуьнгахь а ю, т1евеанчуьнгахь я жимхехь яц. Х1усамдас не1ара т1екхаччалц, хьалха а волий, хьаша т1евуьгу, т1аккха не1 д1а а йоьллий, чоьхьаволуьйту. Хьешо чуьрчаьрга салам ло (вайн 1адатца и дала дог1уш делахь) я: «Дика мел дерш кху чу», – олу. «Диканца дукха вехийла хьо а, марша а вог1ийла», – дуьхьал жоп чуьрчара а ло».
«Ша волчу стаг веача, х1усамда акха хьоьжуш, ладоьг1уш я шайт1ана б1аьра хьоьжуш хила мегар дац. Хьаша цаэшаран билгало ю иза.
Хьаша веача, х1усамда а, х1усамнана а ший а сакъералуш, деладелла, декхаделла хила деза», – ч1аг1до яздархочо Берсанов Хожа-Ахьмада.
Юьрта дуьххьара вог1уш волу хьаша чуваха х1усам лоьхуш, д1асахьийза ца веза, хьалха т1енисвеллачу х1усаман не1 тоха бакъо ю цуьнан. Амма оцу юьртахь хьалха цкъа мукъана ша рицкъанах кхетта керт елахь, кхечанхьа ваха бакъо яц цуьнан. «Нагахь иза кхечанхьа сацахь, хьешан хьалха хиллачу х1усамдена, иза къинт1ера воккхуш, газа йигийта езаш хилла. Бакъду, юьртарчу шен хьешан декхарна к1елхьара волуьйту т1евеанарг, нагахь санна иза цу юьрта цхьа вуон кост дохьуш кхаьчнехь.
Тахана нохчийн къомехь долу чолхе хьал тидаме а оьцуш: - 1адатера г1иллакхаш нохчаша лелор а, лардар а муьлхачу т1ег1анахь а, барамехь а ду? – олуш, хаттар х1оттийча. Цу хаттарна бакъонца долу жоп лохуш вай къахьегча, гучудолу, нохчаша цхьадолу 1адатера г1иллакхаш д1атосуш хилар. Халахетар а, чамбар а хуьлу, нохчийн г1иллакх-оьздангаллийца (1адатца) ца дог1у х1уманаш нохчашна юккъехь оьгуш хааделча.
Иштта лахлуш дог1у хьаша-да т1еэцаран г1иллакх а, къаьсттина кегирхойн юккъехь. Вайн т1ехь декхар ду вай дайша лелийна деза а, хаза г1иллакхаш довзийтар. Оцу бахьанех доьзна ду оха билгаляккхина тема актуальни хилар.
Квалификационни белхан коьрта 1алашо ю нохчийн къоман хьаша-да лелорца доьзна ламасташ а, барта хазна а таллар, уьш йовзийтар.
Квалификационни балхо чулоцу д1адолор, ши корта, дерзоран дош, пайдаэцна литература. Хьалхарчу коьртехь дуьйцу нохчийн г1иллакх-оьздангалла, цуьнан маь1на, нохчийн къоман оьздангаллин коьрта мехаллех лаьцна а. Шолхачу коьртехь къаьсттина теллина нохчийн къоман г1иллакх-оьздангаллехь хьаша ларар, цуьнан сийдар.
I КОРТА. НОХЧИЙН Г1ИЛЛАКХ-ОЬЗДАНГАЛЛА
1.1. Оьздангалла а, цуьнан маь1на а
Уггар хьалха билгалдаккха дог1у «оьздангалла», «г1иллакх» бохучу дешнийн маь1на. Тхуна хетарехь, «оьздангалла» бохучу дешан маь1на шуьйра ду «г1иллакх» бохучу дешанчул. Г1иллакх – иза адамаша вовшашца лелочу юкъаметтигийн, гергарлонийн кепаш, куьцаш, дозанаш ду. Ткъа уьш
«оьздангалла» бохучу кхетаман чулацаман цхьа дакъа ду. Цул сов, оьздангалла Далла ечу 1амалца, гонахьарчу 1аламца, шен дег1аца, дагца, ойланца стаг ц1ена хилар а ду. Оьздангалла дуьххьалд1а х1ора стеган леларехь, амалшкахь гучуяьлла ца 1аш, цуьнан сица, синкхетамца хила езаш а ю.
Муха кхоллаелла оьздангалла? Оцу хаттарна тайп-тайпана жоьпаш ло тайп-тайпанчу 1илманчаша, шайн кхетаме а, шаьш беха юкъаралла кхиъна хиларе а хьаьжжина. Йоьхначу советски империн 1илманчаша, къоман г1иллакхаш дуьйцуш, шайн къамел гуттар а д1адоладора: «Халкъо б1ешерашкахь кхоьллина шен оьзда г1иллакхаш…», – олий. Кхечу кепара цара ала таро а яцара, х1унда аьлча, церан дуьнене болу хьежамаш кхоллабеллера, х1ара дуьне а, 1алам а, адам а ша-шах кхолладелла я адамо кхоьллина, бохучу харц философин (материализман) буха т1ехь [2].
Массо халкъийн оьзда, дика г1иллакхаш Делан динера ду; ткъа вуон, къиза, 1еса г1иллакхаш халкъаша шаьш кхоьллина ду. Цундела оцу я кхечу халкъан оьзда г1иллакхаш дуьйцуш, нийса хир ду «халкъо кхоьллина» бохучу дешнийн метта «халкъо лардина» аьлча. Цхьадолчу халкъан аьтто хилла оцу динан г1иллакхаш алсам 1алашдан, вукхара к1езиг 1алашдина. Цхьадолчу къаьмнаша шайгара к1езиг кхоьллина 1еса г1иллакхаш. Масала, нохчаша. Цундела карладаьккхина долу и бусалба дин шайн лаамца т1еэццал хьекъал кхаьчна вайн дайн. Кхидолу къаьмнаш генадевлла 1есаллехь я
галдаьккхинчу динехь. Цундела цара д1атеттина Дала юха а лаьтта доссийна ц1ена дин [3].
Кхузахь хаттар х1отта тарло: йиш яц ткъа адамаша шайггара дика г1иллакх кхолла? Наха кхоьллина массо а г1иллакх 1еса я харц хуьлуш ду? Дац. Нийса г1иллакхаш а ду адамаша шайггара кхоьллина, амма церан бух а бакъдинан хьехамашкахь бу. Делах а, кхиэл ечу дийнах а тешарца кхоьллина муьлхха а керла г1иллакх нийса ца хила йиш яц.
И лакхахь дийцинарг дерриге а тидаме эцча, кхеташ ду: «Г1иллакх ялсаманера схьадеъна», – боху дешнаш. Адамашна юккъехь лела оьзда г1иллакхаш Делера диссина бохург ду иза. Цхьаболчара и кица кхид1а а дахдо: «Г1иллакх ялсаманера схьадеъна а ду, ялсамане духадерза дезаш а ду, ша лелочу нахаца цхьаьна». Оцу дешнаша гойту: мел доккха маь1на гуш хилла нохчашна г1иллакх-оьздангаллехь [2].
Делан Элчас – Делера салам-маршалла хуьлда цунна – аьлла:
«Г1иллакх – динан ах ду». Ткъа цхьана назманчас хьекъална а, г1иллакхна а юкъара з1е иштта йийцина: