ХIокху квалификационни белхан актуальни агIо ю нохчийн меттан фразеологи Iилманехь Iаламат кIезиг теллина хилар а, нохчийн меттан урокехь кхачам боллуш Iамо а, хьеха а тайп-тайпана гIоьналлин гIирсаш (методически пособеш) цахилар а.
Белхан Iалашо ю нохчийн меттан фразеологех дерг талла а, иза дешархошна хьехаран некъаш билгалдаха а.
Дуьххьара нохчийн меттан лингвистически материал оьрсийн Iилманчашна евзина И.А.Гюльденштедтан материалаш тIера. И материалаш Екатерина П-н йоккхачу дустаран словарв юкъа яхана. Нахски къаьмнех йолчу историко-этнографически справкел сов, цу тIехь 400 нохчийн дош хилла.
Немцойн маттахь, транскрипци а йолуш, дIаяздина долу и дешнаш башха чIогIа мехала дацахь а, нахски меттанийн истори Iаморехь доккха маьIна долуш ду. Масала, хIинцлерачу нохчийн маттахь долу «эзар» (I000) малхбалехьарачу меттанашкара тIеэцна ду (дуста: перс. хIазар; хIир. аьрзаь; дарг. азир и. дI. кх.) И терахьдош И.А. Гюльденштедта билгалдоккху «итт-баха» (итт бIе) аьлла.
Нохчийн маттах лаьцна доцца яздина I807-I808 шерашкахь Российски Академин тIедилларца Кавказе веанчу академика Г.Ф. Клапорта а. I823-чу шарахь Парижехь араяьллачу книги тIехь цо нохчийн маттах лаьцна дийна цхьа раздел язйина, «Язык мицжегов» (нохчийн- И.А.) цIе йолуш.
1887-чу шарахь Лейпцигехь а 1895-чу шарахь Венехь а арахецначу Р. Эркертан белхаш тIехь а хилла нохчийн маттах лаьцна язйина. Цуьнан белхан мехалла ю цо дустаран планехь далийначу кавказски меттанийн дешнаша кавказски меттанийн генетически гергарлонах ойла йойтуш хилар.
Нахски меттанийн лексика талларехь болх бина академика А.А. Шифнера а.
Iаламат доккха маьIна долуш бу П.К. Усларан белхаш. Цо билгалдаьккхина хилла кавказски меттанийн дустаран словарь хIоттор дуьненан языкознанина а доккха маьIна долуш хирг хилар.
XIX бIешо чекхдолуш араяьлла хилла ши гочдаран словарь. Кавказказски къаьмнашца йолу юкъаметтигаш бахьанехь оьрсийн чиновничествона лерина арахецна хилла уьш. Царна тIехь гулдина хилла I700 нохчийн, I800 бацойн, 350 гIалгIайн дешнаш. Амма А.А. Шифнеран а, П.К. Усларан а мехалчу лексически материалех пайда а ца оьцуш хIиттийна йолу и словараш башха мехала ца хилла.
Нахски меттанаш талларехь болх бина Адольфа Дирра а.
Октябрьски революци хиллачул тIаьхьа нохчий, гIалгIай керлачу юкъараллин а, къинхьегаман а дахаре юкъаозоро, нохч-гIалгIайн къона литература кхиаро, школаш схьаелларо вайнехан меттанаш талларехьа йоккха гIулч яккхийтина. Къаьсттана ницкъ хилла лексикина, газеташ, тайп-тайпанчу жанрашкахь йолу исбаьхьаллин литература гочъяр а дешнаш, лингвистически, политически, технически терминаш нохчийн меттан лексики юкъа яхкарна.
Хууш ма-хиллара, меттанийн гергарло къастош, коьрта меттиг дIалоцуш ду оцу меттанийн лексика таллар.
Нохчийн, гIалгIайн лексика талларна лерина язбина профессора Егоровс шен «Чечено-ингушская лексика» цIе йолу болх.
Вайнехан меттанийн лексикин фонетически а, морфологисески а анализ йина шен «Чечено-Ингушская диалектология и пути развития чечено-ингушского литературнрго (письменного) языка» цIе йолчу балха тIехь Д.Д Мальсаговс.
Н.Ф. Яковлевн белхаш тIехь карабо вайна нахски меттанийн лексиках лаьцна цхьаццаболчу талламаш.
Мехалла бу Ю.Д. Дешериевн дустаран планехь бацойн меттан лексика а толлуш бина болу «Бацбийский язык» цIе йолу болх. Шен балха тIехь Ю.Д.
Дешериевс, гуьржийн а, кхечу а меттанашкара тIеэцарш а къастош, отраслевой планехь теллина бацойн меттан лексика.
Нахски меттанаш талларехь йоккха меттиг дIалоцуш бу, шайн коьртехь академик А.Б. Гониашвиллис, Р.Р. Гагуас, П. Кадагидзес, К.Т. Чрелашвиллис, иштта кхечара а.
Шайн талламашкахь нахски лексически материалах пайда а оьцуш, исторически лексика талларехь шайн лар йитина академикаша Н.Я. Марра, И.А. Джавахишвиллис, Г.А. Миликишвиллис.
Къаьстана шуьйра нахски меттанаш таллар дIадаьхьна I957 шарахь дуьйна.
Нахски меттанийн лексика толлуш бинчу белхаш юкъахь билгалбаха беза диалектийн лексики тIехь бина белхаш. Царах хьалхара монографисески болх бу И.Г. Арсахановн аьккхийн диалектах лаьцна бинарг къаьсттана мехала ю цуьнан монографи «Чеченская диалектология» а, «Лексика» цIе йолу статья а.
Нахски а, къилбседа-кавказски а меттанийн лексически параллелашна лерина язйина цхьа могIа статьяш а евлла ара (В.И. Абаевн, И.Г. Арсахановн, В.Х. Балкаровн, С.М. Хайдаковн, Г.Н. Климовн, А.К. Шагировн и дI. кх.)
СССР-н къамнийн меттанийн вовшашна тIеIаткъамах язйина ю Ю.Д. Дешериевн «Закономерности развития и взаимодействия языков в советском обществе» цIе йолу монографи.
Iаламат дуккха болх бина нохчийн лексика тIехь А.Г. Мациевс. Иза ву бархI шинаметтан а, кхааметтан а словаран автор а, соавтор а. Царах уггар а мехалниг ю цуьнан «Нохчийн-оьрсийн словарь». А.Г. Мациевс язбина
«Лексикология чеченского языка», «Чеберлоевский диалект чеченского языка» цIе йолу белхаш.
Нахскийн меттанийн лексика дустаран-историсески планехь толлуш болх бина профессора И.Ю. Алироевс. Цо, отраслевой планехь дIа а нисъеш, теллина нохчийн, гIалгIайн меттанийн а, диалектийн а лексика.
Нохчийн меттан фразеологи толлуш болх бина А.Т. Карасаевс. I975 шарахь араевлла цуьнан «Классификация фразеологических единиц чеченского языка по их семантическим признакам», «Структурные типы фразеологических единиц чеченского языка» цIе йолу статьяш.
Нохчийн меттан фразеологин проблемашна язбинчу белхаш юкъахь билгалбаха беза хIара белхаш: Карасаев А.Т. «Классификация фразеологических единиц чеченского языка по их семантическим признакам».- Известия ЧИНИИИЯЛ.т.х. вып.2. – Грозный, I975.,
«Структурные типы фразеологических единиц чеченского языка». –Известия ЧИНИИИЯЛ.т.х. вып.2. – Грозный, I975., «О фразеологизмах чеченского языка». Авт.канд.дисс. – Грозный, I978., «Основные типы фразеологических единиц чеченского языка с точки зрения их семантической слитности». В кн.: Вопросы вайнахской лексики. –Грозный, I980., «К вопросу о времени возникновения некоторых фразеологических единиц чеченского языка». В кн.: Вопросы вайнахской лексики. – Грозный, I980.
Нохчийн меттан фразеологех дерг теллина И.Ю. Алироевс, М.Р.Овхадовс шайн «Кхечу меттанашкара тIеэцна лексика» (Грозный, I978) цIе йолчу балха тIехь.
Нохчийн меттан гергара болчу гIалгIайн маттахь фразеологи теллина шен белхаш тIехь Ф.С. Арсамаковас «Сопоставительный анализ русско-ингушских фразеологических параллелей (на материале соматических фразеологизмов)». В кн.: Вопросы вайнахской морфологии. – Грозный,I983., «Устойчивые сравнения с сравнительными союзами как –санна в русском и ингушском языках (на материале фразеологических эквивалентов)». В кн.: Вопросы отраслевой лексики. – Грозный, I985. Арсамакова Ф.С., Чапанов О.В. «Устойчивые сравнения с сравнительными союзами как – санна в русском и ингушском языках». В кн.: Синтаксис вайнахских языков. – Грозный, I986.
Бакъду гIарбевлла болчу Iилманчийн А.Г. Мациевн, И.Г. Арсахановн, А.Д. Тимаевн, А.Т. Карасаевн белхаш тIехь нохчийн меттан фразеологех болу кхетам а ло, хIокху тIаьхьарчу хенахь нохчийн меттан фразеологизмашна тIехь алссам болх беш Байсултанов Дауд а ву. Шен вешица цхьаьна бина белхаш а бу цуьнан: Байсултанов Дадаш, Байсултанов Дауд «Об использовании фразеологизмов в чеченской художественной литературе». – I984., «Использование фразеологизмов в чеченской художественной литературе. В словаре: «Чеченско-русский фразеологический словарь». – Грозный: «Книга», I992, «Образные сравнения чеченского языка»I992.
Байсултанов Д.Б. «Структурно-семантическая характеристика фразеологии чеченского языка». – Грозный, 20I2.
Нохчийн мотт кхечу маттанашкахьчул дукха аларш-фразеологизмаш хиларца тоьлу, цара нохчийн меттан таро хуьлуьйту шен къамел муьлххачу а агIо дан а, шен ойланаш ма-ярра йовзийта а, оцо гучудокхху нохчийн мотт хьал долуш хилар.
Тайп – тайпана а, хьалдолуш а йолу нохчийн меттан дешнийн йоккха хазна тайп – тайпанарчу дошамашна (словарашна) тIехь гулийна, дIаязйина ларъеш хуьлу. Шен къамел кхио а, мотт кIорггера Iамо а лууш волу муьлхха а стаг боккхачу тидамца дошамашна тIехь болх беш а, меттан дешнийн хазна Iамош а хила веза.
Дешнийн чIагIделла цхьаьнакхетарш Iамочу Iилманах фразеологи олу. Фразеологи Iаморан мехаллах лаьцна яздо профессора А.Д. Тимаевс шен «ХIинцалера нохчийн мотт. Лексикологи. Фонетика. Морфологи» цIе йолчу балха тIехь: «Фразеологи Iамор мехала а, доккха маьIна долуш а гIуллакх ду. Фразеологина хьалха лаьтташ долу коьрта декхар –таханлерчу дийнахь маттахь йолуш йолу меттан фразеологически система йовзар а, цуьнан истори йовзар а, цу фразеологин лексикица а, дош кхолладаларца а йолу уьйр йовзар а ду, цхьана агIор, вукху агIор –грамматикица фразеологин йолу уьйр йовзар а ду…» [Тимаев,20II:44].