ВКР|Языкознание и филология

Нохчийн меттан дожарийн категори

По всем вопросам пишите нам на topwork2424@gmail.com или в Телеграм  Telegram

Авторство: antiplagiatpro

Год: 2019 | Страниц: 56

Цена: 2 500
Купить работу

ДIАДОЛОР

  • РА КОРТА. НОХЧИЙН МЕТТАН ДОЖАРИЙН СИСТЕМА
    • Ц1ерниг дожар
    • Доланиг дожар
    • Лург дожар
    • Дийриг дожар
    • Коьчалниг дожар
    • Хотталург дожар
    • Меттигниг дожар
    • Дустург дожар
    • Меттигниг дожаран фоманаш, церан кхоллаялар
  • РА КОРТА. Ц1ЕРДЕШНИЙН ДОЖАРШЦА ХИЙЦАДАЛАР

ДЕРЗОР

ПАЙДАЭЦНА ЛИТЕРАТУРА

 

Мотт адамийн уьйран уггаре а мехала гIирс бу. Коьртачу декъана, меттан маьIна кхаа декъе декъало. Уггар хьалха, мотт уьйран гIирс бу, вуьшта аьлча, адамийн дахарехь вешан ойланаш вай вовшашка йийцар а, вовшийн ойланех кхетар а кхочушден гIирс бу. Иза цхьаъ ду. ШолгIа-делахь, адамийн дахар а, техника а, говзалла а, Iилма а кхиаре хьаьжжина, мотт а кхуьуш хиларна, мотт кхиаран герз ду. КхоалгIа-делахь, вайн дахаран къийсаман маьIна а хуьлу, цундела мотт къийсаман герз а лору [21, а.5].

Стеган ойла, цуьнан дагахь дерг маттаца дуьйцу. Мотт а, ойла а Iаламат чIогIа вовшех дозуш ду. Амма цхьа ойла тайп-тайпанчу меттанийн гIирсашца билгалъяккха тарлур ду. Дуьненчохь Iаламат дукха меттанаш ду. Iилманчаша дерриге а дуьненчохь 3000 гергга тайпа къоман мотт лору.

Дерриг а иберийско-кавказски меттанаш декъало йоккхачу еа тобане:

  • иберийски, я картвельски
  • абхазо-адыгски
  • нахски
  • дагестански

Нахски къаьмнаш чу нохчий, гIалгIай, бацой богIу. Вайнехан меттанаш Iилманца талларна хьалха дуьйна тIе тидам бахийтина хилла Iилманчаша.

Нохчийн мотт Iаморехь Iаламат йоккха мехала лар йи-тина П.К. Услара. 1862-1863 шерашкахь хIоттийна П.К. Услара нохчийн маттах йолу монографи, амма араяьлла иза 1888 шарахь Тифлисехь.

Вайнехан меттанаш Iилманца кIорггера таллар а дIадо-лийра XX бIешеран 20-чу шерашкахь. 1926-чу шарахь арае-лира З.К. Мальсаговс язйина монографи «Ингушский язык».

Цул тIаьхьа вайнехан меттанаш Iилманца толлуш, царна тIехь болх бан буьйлабелира Д.Д. Мальсагов, А.Г. Мациев, И.А. Оздоев, Т.Б. Гониашвили, Д.С. Имнайшвили, P.P. Гагуа, Н.Ф. Яковлев, Ю.Д. Дешериев.

1941-чу шарахь араелира Д.Д. Мальсаговн «Чечено-Ингушская диалектология и пути развития чечено-ингушского литературного (письменного) языка» цIе йолу книга. Цу тIехь автора билгалъяьхна нохчийн, гIалгIайн меттанийн вовшашца йолу юкъаметтигаш а, цул сов, цу тIехь нохчийн меттан диалектех лаьцна материал а ю. Дукха хенахь дуьйна нохчийн, гIалгIайн лексика Iамош, цу тIехь дукха болх бина А. Мациевс а, И. Оздоевс а.

Вайнехан меттанаш Iаморехь уггар мехала белхаш язбина Д.С. Имнайшвилис. Вайнехан меттанаш тIехь болх Н.Ф. Яковлевс а бина. I940-чу шарахь цо арахийцира «Синтаксис чеченского литературного языка», ткъа цуьнан «Морфология чеченского языка» араяьлла I960-чу шарахь.

Ю.Д. Дешериевн белхаша Iаламат йоккха меттиг дIалоцу вайнехан меттанаш Iаморехь а, уьш Iилманца талларехь а. I946-чу шарахь цо язбинчу

«Эргетивная конструкция предложения в бацбийском языке» цIе йолчу балхана цунна филологически Iилманийн кандидат цIе тиллира. I953-чу шарахь араелира цуьнан «Бацбийский язык», аьлла, цIе йолу монографи. Нохчийн  меттан  фонетикех  лаьцна  болу  цуьнан  Iилманан  болх

«Современный чеченский язык», 1-ра дакъа, зорба тоьхна, арабелира I960-чу шарахь. И монографи - нохчийн литературни меттан фонетикех дуьххьарлера болх бу.

I964-чу шарахь арахийцира Ю.Д. Дешериевс шен Iаламат мехала болу болх «Сравнительно-историческая грамматика нахских языков и проблемы происхождения и исторического развития горских кавказских народов». И болх иберийско-кавказски меттанаш Iаморехь йоккха меттиг дIалоцуш, шен Iилманан агIонгахьара боккха мах болуш болх бу.

Х1окху балха т1ехь нохчийн меттан дожарийн категорех дерг к1орггера теллина Ю.Д. Дешериевс.

Ю.Д. Дешериевн белхаша йоккха лар юьту нахски меттанаш Iаморехь.

А.Г. Мациевс нохчийн меттан исторехь йоккха лар йитина. Iаламат йоккха меттиг дIалоцу цо бинчу белхаша нохчийн меттан лексика Iаморехь. Нохчийн-оьрсийн а, гIалгIайн-нохчийн-оьрсийн а, оьрсийн-нохчийн-гIалгIайн а словараш а, кхин тайпа йолу словараш а хIитторехь белхаш бина цо. Нохчийн меттан лексика Iаморехь йитина ца Iаш, цо бинчу белхаша нохчийн меттан диалектологи Iаморехь а йитина лар. ЧIебарлойн диалектах лаьцна цуьнан болх («Чеберлоевский диалект чеченского языка») арабелира 1965 шарахь («Известия» НИИ, том VI, выпуск 2. Языкознание).

Нохчийн меттан Iилма кхиарехь къеггина тоьшалла долуш а, Iилманан мехалла лакхара хиларца меттан Iилманехь хьакъдоллу меттиг дIалоцуш а бу Н.Ф. Яковлевн, Ю.Д. Дешериевн, И.Г. Арсахановн, Д.Д. Мальсаговн, А.Г. Мациевн, Д.С. Имнайшвилин, Н.С. Бибулатовн, И.Ю. Алироевн, А.Д. Тимаевн, А.И. Халидовн, М.Р. Овхадовн, I.Д. Вагаповн, Х.Б. Навразован а, А.Г. Магомедовн а, З.Х. Хамидован а, А.У. Эсхаджиевн, Т.М. Вагапован, Р.А. Саламован а Iилманан белхаш.

Нохчийн меттан дожарийн категорех доьзна долу хаттарш шайн Iилманан белхаш тIехь теллина гIарбевлла болчу кавказоведаша Н.Ф. Яковлевс, И.Г. Арсахановс, А.Д. Тимаевс иштта кхиболчара а.

Дуккха зама хьалха дуьйна Iилманчаша билгалдаьккхина ма-хиллара, нохчийн мотт гIалгIайн а, бацойн а меттанашца цхьаьна нахски меттанаш кхуллуш бу. Нохчийн мотт талларна тIе хьалххе дуьйна а тидам бахийтина Iилманчаша. Бакъду кIорггера таллар тIаьхьо доладелла.

Уггар хьалха вайнехан меттанаш довзарна тIехь болх дIаболийна 18-чу бIешара чохь оьрсийн академикаша Гюльденштедта а, Палласа а.

1807-1808-чу шерашкахь востоковед Г.Ф. Клапрот а лелла Кавказехула, цигарчу къаьмнийн истори а, меттанаш а Iамош. Ша язбинчу, шина томах лаьттачу, балха тIехь йоккха меттиг елла цо нохчийн, гIалгIайн, бацойн меттанашна [6, а.3].

19-г1а б1ешо чекхдолучу муьрехь кавказан меттанаша тIехь болх бан волавелла меттанийн Iилма дика девзаш волу академик А. А. Шифнер. Цо язбина болх «Чеченские разыскания».

1962-чу шарахь 100 шо дузуш ду кавказан меттанаш Iаморехь шен цIеяхийтинчу Петр Карлович Услар бохучу меттанийн Iилманчо дуьххьарлера нохчийн меттан граматика хIоттийна [2, а.5].

Н. Ф. Яковлевн 1940-чу шарахь араяьлла «Синтаксис чеченского литературного языка» цIе йолу книга. Иза ю научни бух тIехь хIоттийна йолу нохчийн меттан дуьххьарлера синтаксис.

1960-чу шарахь араяьлла Н. Ф. Яковлевн «Морфология чеченского языка» (при участии З. Джамалханова, А. Хумпарова) боху научни буха тIехь хIоттийна йолу нохчийн меттан морфологи. И дIайолало «Склонение имён существительных имен существительных» бохучу раздела тIера [4, а.10].

  1. Алироев И. Ю. Чеченский язык. – Москва,
  2. Арсаханов И.Г. ХIинцалера нохчийн мотт. Лексикологи, фонетика, морфологи. – Грозный, 1965.
  3. Бибулатов Н.С. Типы склонения имен существительных в говорах плоскостного диалекта чеченского языка. Известия ЧИНИИИЯЛ, том 7, выпуск 2. Языкознание. – Грозный, 1966.
  4. Вагапов А. Д. Нохчийн меттан урокехь цIердешнийн легарш Iамор. –Соьлжа–ГIала, 2008.
  5. Гагуа Р. Р. Склонение существительных в бацбийском языке – Издательство АН СССР, 1961.

Всего 29 источников

Эта работа не подходит?

Если данная работа вам не подошла, вы можете заказать помощь у наших экспертов.
Оформите заказ и узнайте стоимость помощи по вашей работе в ближайшее время! Это бесплатно!


Заказать помощь

Похожие работы

ВКР Языкознание и филология
2019 год 46 стр.
Нохчийн меттан мукъачу аьзнийн системехь схьадевлла мукъа аьзнаш
antiplagiatpro
ВКР Языкознание и филология
2019 год 55 стр.
Нохчийн къоман хьаша-да лелорца доьзна ламасташ а, барта хазна а
antiplagiatpro
ВКР Языкознание и филология
2019 год 41 стр.
Нохчийн меттан фразеологи
antiplagiatpro

Дипломная работа

от 2900 руб. / от 3 дней

Курсовая работа

от 690 руб. / от 2 дней

Контрольная работа

от 200 руб. / от 3 часов

Оформите заказ, и эксперты начнут откликаться уже через 10 минут!

Узнай стоимость помощи по твоей работе! Бесплатно!

Укажите дату, когда нужно получить выполненный заказ, время московское