Тхайн белхан тема къастор бахьана ду, иза актуальни хилар. Таханлерчу дийнахь нахски языкознанино баккхий кхиамаш баьхна, тахана нохчийн мотт 1илманца толлуш а, 1илманан белхаш арахоьцуш а схьабог1уш бу филологически 1илманийн докторш, профессорш М.Р. Овхадов, М.И. Халидов, Х.Б. Новразова; филологически 1илманийн кандидаташ А.Д. Вагапов, С.Э. Эдилов и кх. д1а а. Цара зорбане даьхна а, дохуш а дуккха а 1илманан белхаш ду. Амма цхьайолу цу проблемин аг1онаш яьстина яц. Нохчийн меттан мукъачу аьзнийн система 1аламат чолхе ю, цуьнан кхоллаяларан некъаш а кхоччуш цхьана хьежамца ч1аг1дина дац.
Белхан талламан объект ю – нохчийн меттан мукъачу аьзнийн системехь схьадевлла шозлаг1а мукъа аьзнаш.
Практически аг1онгахьара х1окху тайпа белхах пайда эца таро ю лакхаран а, юкъара говзаллин а дешаран заведенешкахь, ишколашкахь нохчийн меттан а, мотт хьехаран методически занятешкахь а; курсовойн а, выпускной квалификационни болх (ВКБ) язбарехь а, муьлхха а 1илманан болх язбеш а.
Белхан 1алашо – нохчийн меттан мукъачу аьзнийн система йовзийтар. Цу 1алашоне кхача кхочушдан деза х1ара декхарш: нохчийн меттан мукъачу аьзнийн системин юкъара сурт гайта, юьхьанцара аьзнийн система билгалъяккха, ассимиляцин процесс йийцаре йиллар, цуьнца доьзна шозлаг1а мукъа аьзнаш кхолладаларан некъаш гайтар, билгалдахар.
Дуьнен т1ехь дехачу адамех къам дийриг цуьнан мотт бу. Меттан г1оьнца тийсало адамашлахь уьйраш, барт, марзо. Маттаца ч1аг1ло г1иллакхаш, 1адаташ, къоман башхаллаш, оьздангалла, дин.
Вайн нехан дахарехь а, юкъараллин дахар кхиарехь а доккха маь1на долуш бу, муьлхха мотт санна, нохчийн мотт а. Мотт адамийн уьйран уггаре а мехала, «дуккха а аг1онаш юкъалоцуш болу адамийн уьйран г1ирс
бу» [17, с. 19]. Адамийн дахар х1ора минотехь аьлча санна кхуьуш ду, цуьнца цхьаьна кхуьуш адамийн мотт а бу, дешнийн хазна а ю.
1илманчаша билгала даьккхина ма-хиллара, дерриге а дуьненчохь 3000 гергга тайпа къоман мотт бу. Вайн заманахь а 50 сов мотт бу Кавказехь буьйцуш. И меттанаш а, дукхахдерш, дуккха а йолчу диалекташка а, говорашка а декъало.
Цхьацца йолчу меттигашкахь цхьана меттан диалекташ я говораш, дуьйцурш вовшашна халла къаьсташ я къастане а ца къаьсташ, гена евлла. И меттанаш, вовшашна гергара а, вовшех тера а хиларе хьаьжжина, шайн тобанашка декъало. «Доллучу а дуьненан меттанийн тобанашна юккъехь, ша-тайпа тоба хилла, лаьтта иберийско-кавказски меттанаш» [28, с. 9]. Нохчийн мотт, г1алг1айн, бацойн мотт санна, нахски меттанийн группан (тобане) юкъабог1у.
XVIII-XIX б1ешерашкахь к1еззиг 1илманца теллина хилла картвельски (гуьржийн, занийн, сванийн) меттанаш. Россехь дехачу къаьмнийн меттанашлахь уггар к1еззиг 1илманца теллина хилла Кавказан ламанхойн меттанаш. Кавказан меттанаш талларехь дуьххьара болх бан буьйлабелла оьрсийн 1илманчаш. XIX б1ешарахь иберийско-кавказски меттанаш талларехь билгалбаккха мегар бу кхо мур. Хьалхарчу муьрехь 1илманчаша лексически материал гулъярна т1ехь болх бина. Цу муьрехь коьрта лора Гюльденштедтан, Клапротан, Палласан белхаш. Амма цара бинчу балхо, материал к1езиг хиларна а, ледара хиларна а, Кавказан меттанийн дуьззина сурт ца х1оттийра. Кавказски меттанаш 1аморан шолг1а мур дустаран-исторически языкознани кхоллаяларца боьзна бу. 1илманчаша цу заманахь къийсаме ойланаш билгалйоху. Масала, 1834-чу шарахь 1илманчас Броссес гуьржийн мотт ша схьабаларан орамашца индоевропейски меттанийн индоирански тобанца лору. Цул жимма т1аьхьо, I847-чу шарахь, Ф. Боппас картвельски меттанаш индоевропейски меттанийн ша-тайпа лору. Кхоалг1а мур – г1араваьлла хиллачу оьрсийн 1илманчин ц1арца, П.К. Усларца боьзна бу.
Къаьсттина боккха тидам т1ебохуьйту кавказски меттанаш 1илманца талларна а, 1аморна а XX б1ешарахь. Кхузахь практически декхарш а кхочушдора: к1езиг долчу къаьмнашна йоза кхоллар, алфавит х1оттор, учебникаш х1иттор, орфографи х1оттор. Исторехь дуьххьара д1адолийра аварски, абхазски, абазински, адыгейски, кабардино-черкесски, даргински, г1алг1айн, лакски, лезгински, табасарански, нохчийн меттанаш хьехар.
Кавказски меттанаш к1орггера талларо таро хилийтира кавказски меттанаш мел ду хаа, церан вовшашца йолу уьйраш билгалъяха, церан кхиаран некъаш билгалдаха. Кавказски меттанех шайн йоза долуш 29 мотт бу аьлла билгалдоккху 1илманчаша.
Уггаре а шира материалаш карайо вайнехан меттанех лаьцна 1791 шарахь Гюльденштедта арахецначу балха т1ехь («Путешествие по России и горам Кавказа»). Нахски меттанийн к1еззиг лексически материал ю балха т1ехь.
Г.Ю. Клапрота коьрта тидам т1ебохуьйту «Путешествие на Кавказ» ц1е йолчу шен книги т1ехь ламанхойн меттанашна. Цо шен балха т1ехь нохчийн а, г1алг1айн а, бацойн а, иштта д1а кхин а меттанаш билгалдохуш, теллина. Иштта А.А. Шифнера а ялайо бацойн маттах йолу материалаш шен «Опыт тушинского языка или кистинского наречия в Тушетии» ц1е йолчу балха т1ехь. Р. Эркерта «Языки кавказского корня» ц1е йолчу балха т1ехь йоццу материалаш ялайо нахски меттанех лаьцна.
Ткъа П.К. Услара нохчийн мотт 1аморехь йитина мехала лар йийцина а вер вац. Ялх монографи язйина Петр Карлович Услара кавказски меттанех лаьцна: нохчийн, абхазски, аварски, лакски, даргински, лезгински. 1888 шарахь Тифлисехь араяьлла йолу П.К. Услара монографи нохчийн маттах лаьцна ю.
«Нохчийн меттан фонетически система, къаьсттина мукъачу аьзнийн хийцамаш билгалбахарехь цхьацца г1алаташ хиллехь а, Услара бина болх нохчийн мотт 1аморан исторехь хаъал дакъа д1алоцуш бу. Тахана а ца яйна
цуьнан белхан 1илманан мехалла» [20, с. 12]. 1илманца к1орггера
вайнехан меттанаш таллар XX б1ешеран 20-чу шерашкахь д1адолийра, мехала белхаш арахоьцу: З.К. Мальсаговн, Д.Д. Мальсаговн, А.Г. Мациевн, И.А. Оздоевин, Т.Б. Гониашвилин, Д.С. Имнайшвилин, P.P. Гагуа, Н.Ф. Яковлевн, Ю.Д. Дешериевн, К.З. Чокаевн, И.Ю. Алироевн; жимма т1аьхьа – филологически 1илманан кандидатийн Н.С. Бибулатовн, Я.С. Вагаповн, Я.У. Эсхаджиевн, Т.М. Вагапован иштта кхи д1а.
Нахски меттанаш 1аморехь а, талларехь а йоккха лар йитина болчу Ю.Д. Дешериевн I964-чу шарахь арабаьллачу «Сравнительно-историческая грамматика нахских языков и проблемы происхождения и исторического развития горских кавказских народов» ц1е йолчу балхах лаьцна къаьсттина ала деза. Нахски меттанийн дустаран-исторически граматикина тидам т1е а бохуьйтуш язбина 1илманан болх бу иза. Ю.Д. Дешериевс шен балха т1ехь нахски меттанийн фонетически а, морфологически а, синтаксически а башхаллаш гойту. 1аламат мехала болх бу иза, кхаа декъах лаьтта иза:
«Кавказски ламанан къаьмнийн а, церан меттанийн схьадовларан а, исторически кхиаран а проблемаш»; «Нахски меттанийн исторически кхиаран некъаш а, уьш 1аморехь дустаран-исторически методах пайдаэцар а»; «Нахски меттанийн дустаран-исторически грамматика».
1959-чу шарахь арабаьлла болу «Аккинский диалект в системе чечено-ингушского языка» И.Г. Арсахановн болх хаъал меттиг д1алоцуш бу нохчийн маттахь. Нохчийн литературни маттаца дустаран планехь билгалйоху И.Г. Арсахановс аьккхийн диалектан фонетически а, морфологически а, лексически а башхаллаш. Иштта мехала бу ала дог1уш ду «Чеченская диалектология» ц1е йолу болх тахана а, 1969 шарахь арабаьлла болу.
Нохчийн мотт а, нохчийн меттан дакъош а: лексикологи, фонетика, морфологи, синтаксис – 1илманца к1орггера теллина ду. XX б1ешо чакхдолуш XXI б1ешеран таханлерчу дийношкахь кхи д1а толлуш а, цу т1ехь болх бу д1ахьош Нохчийчохь а, дозанал арахь а г1арабевлла болчу
1илманчаша: В.Д. Тимаев (100 сов белхаш арахецна цо), М.Р. Овхадов
(иштта), М.И. Халидов (иштта), А.Д. Вагапов (70 гергга), Х.Б. Новразова (60 гергга), Р.А. Саламова (60 гергга), С.Э. Эдилов (40 гергга) иштта кхи д1а а.
Муьлхха 1илманан балха т1ехь кхачамбацарш хила тарло, талла ца ларош йисина проблемаш хила а тарло. Амма Раиса Абдулхалимовна Саламовас шен «Нохчийн меттан фонека» ц1е йолчу балха т1ехь ма аллара: «Т1екхуьуш болчу 1илманчаша, к1орггера талла а толлуш, нохчийн меттан фонетикин кхачамбацарш д1адохург хиларх тешна ю автор…» [17, с. 4].
Цундела тхуна а хаьа, ерриге а оха тхайна хьалха х1оттийна йолу проблемаш юьззина, к1орггера тхайга ясталур йоцийла, тхан и 1алашо а яц. Тхайн балха т1ехь оха билгалбоккху х1инцалерчу нохчийн меттан мукъачу аьзнийн системин х1оттам – юьхьанцара а, схьадевлла а мукъа аьзнаш, мукъачу аьзнийн дистрибуци, мукъачу аьзнийн ассимиляцин
процесс.
Х1инцалерчу нохчийн маттахь доккха маь1на долуш а, фонетически хиламех къаьсттина меттиг д1алоцуш а йолу мукъачу аьзнийн ассимиляци. Шуьйра яьржина лелаш процесс ю ассимиляци х1инцалерчу нохчийн литературни маттахь. И процесс бахьанехь кхоллаелла ала мегар ду нохчийн меттан мукъачу аьзнийн чолхе система.
Цунах лаьцна шайн 1илманан белхаш т1ехь дуьйцу г1apaбевлла болчу говзанчаша: филологически 1илманийн доктора Д.С. Имнайшвилис а, профессора Ю.Д. Дешериевс а, А.Г. Магомедовс а, церан белхаш т1е а тевжаш профессора А.Д. Тимаевс а, доцент Р.А. Саламовас а.
Выпускной квалификационни болх лаьтташ бу: Д1адолор, ши Корта, Дерзор, Пайдаэцна литература.
I. Корта Нохчийн меттан мукъачу аьзнийн системин х1оттам
1.1. Нохчийн литературни меттан аьзнийн система талларан а, кхоллаяларан а истори
Иберийско-кавказски меттанашна юккъехь мукъачу аьзнийн уггаре а чолхе, яьржина система хиларца къаьста нохчийн мотт. 1илманчаша-кавказоведаша П.К. Услара, А. Шифнера, Альф. Соммерфельдта, Д.Д. Мальсаговс, Н.Ф. Яковлевс, М.Д. Чентиевас, Ю.Д. Дешериевс, Т.И. Дешериевас, А.Д. Тимаевс, А.Г. Магомедовс т1е тидам бахийтина шайн 1илманан белхаш т1ехь нохчийн меттан мукъачу аьзнийн система талларна.
Нахски меттанийн, къаьсттина нохчийн меттан, аьзнийн система талларехь Ю.Д. Дешериевн, Д.С. Имнайшвилин, А.Г. Магомедовн, А.Д. Тимаевн а белхаша д1алоцу уггар а доккха дакъа.
Фонетика меттан коьрта а, чолхе а чарех цхьа дакъа ду. Нохчийн мотт, муьлха а мотт санна, аьзнийн мотт бу, вайн х1ора дийнахь дечу къамело гойту вайна иза иштта хилар. Цундела, мотт 1аморехь, кхиарехь, меттан теоретически а, практически а аг1онаш 1аморехь доккха дакъа лоцу фонетико. Иза кхечу кепара хила йиш а яц, х1унда аьлча адамийн къамел, мотт аьзнех лаьтташ хиларна. Муьлхха мотт толлуш (предложенеш, дешнаш, морфемаш) аьзнашца г1уллакх тасало. Метта1илманан дакъа
«Фонетика» кхечу метта1илманан дакъошца уьйр йолуш ду.
Исторически а, дустаран-исторически а языкознани ша а кхоллаелла фонетикин г1оьнца. «Теоретически фонетикин г1оьнца бен хаа йиш яц тайп-тайпана долчу меттанийн аьзнийн юкъара амалш, x1opа меттан аьзнийн системин х1оттам, башхаллаш» [18, с. 19].
Ширачу заманахь йоза доцучу къаьмнашна абаташ х1оттош а доккха г1o лаьцна фонетико. К1орггера маь1на долуш ю фонетика орфографи х1отторехь а, доккха г1о до словараш х1оттош а. Кхечу къаьмнийн меттанаш 1амош а фонекиках къаьсттина г1уллакх тасало.
Меттан дерриге а аьзнаш (фонемаш): мукъанаш а, мукъазнаш а, цьа билггала группашка декъало, дифференциальни билгалонашца, цара вовшахтухуш ю шайна юкъахь уьйр йолу юкъаметтигаллин мог1анаш, муьлхха меттан фонемийн (аьзнийн) система кхуллуш долу. Масала, нохчийн маттахь мукъа аьзнаш деха-доца, балдийн-балдийн доцуш хиларца дуьхь-дуьхьала хутту, мукъазчеран системехь лелха я херойолу мукъаза фонемаш къаьста, къора я зевне хиларца ишт.д1.кх. Юкъаметтигаллин мог1анаша х1ора маттахь фонемийн система кхуллу.
Х1инцалера нохчийн литературни меттан мукъачу аьзнийн чолхе системин кхоллаяларх лаьцна шайн 1илманан белхаш т1ехь дуьйцу нохчийн мотт толлучу меттан 1илманчаша.
Дерриге а мукъа аьзнаш 5 элпан г1оьнаца билгалдохуш ду: а, у, о, и, э, ткъа Ю.Д. Дешериевс: «Все эти гласные передаются в алфавите чеченского литературного языка посредством 6 букв: а, е, и, о, у, э» [9, с. 65]., аьлла билгалдоккху.
Цьадерш кхоллало и элпаш цьанакхетарца: иэ, уо; ткъа цхьадерш кхоллало цу элпашца к1еда хьаьрк лелорца: аь, уь. Нохчийн маттахь -а-элпаца билгалдоккху масех аз: деха, доца, ахдеха -а- аз.
Нохчийн меттан мукъачу аьзнийн система чолхе а, яьржина ю ала тарлур ду. 1илманчаша мукъачу аьзнийн тайп-тайпана терахь билгалдоккху, цу т1ехь 1илманчийн цхьа барт бац, кхид1а долчу кхин а дуккха х1уманашна т1ехь санна, бакъдерг вай алахь (фонетически процессех лаьцна а, дифтонгийн х1оттам билгалбоккхуш а, мукъазчу аьзнийн системех лаьцна а ишт.д1.кх.). Цул сов, вайн маттахь графикин а, орфографин а кхачамбацарш а ду тахана д1алистанза.